СДЕЛАЙТЕ СВОИ УРОКИ ЕЩЁ ЭФФЕКТИВНЕЕ, А ЖИЗНЬ СВОБОДНЕЕ

Благодаря готовым учебным материалам для работы в классе и дистанционно

Скидки до 50 % на комплекты
только до

Готовые ключевые этапы урока всегда будут у вас под рукой

Организационный момент

Проверка знаний

Объяснение материала

Закрепление изученного

Итоги урока

Шардарш. Терахьдош (Самукъане математика).

Нажмите, чтобы узнать подробности

САМУКЪАНЕ МАТЕМАТИКА

Фокус-покус

1.Дагалаца кхохьаьркдолу терахь. Цунна улле дIаязде изза, цунах ялххьаьркдолу терахь хирриг. ХIинца и терахь декъа 7-нна, тIаккха 11-нна, тIаккха 13-на. Ахь дагалаьцна терахь, тIаьххьара декъча кхаьчнарг ду-кх!

2. Шихьаьркдолу терахь 10 101-нна эцар

23 х 10 101 = 232 323, 43 х 10 101 = 434 343, 99 х 10 101 = 999 999

Церан эцам хир бу кхузза дIаяздина изза терахь.

*

3. 111 111 111 терахь квадрате даккхар

111 111 111 х 111 111 111 = 12 345 678 987 654 321

Шийтта триллиард кхо бIе шовзткъай пхи триллион ялх бIе кхузткъай берх1итта миллиард исс бIе доьзткъай ворхI миллион ялх бIе шовзткъай дейтта эзар кхо бIе ткъай цаI. [А.Д. Вагапов, Х.Б. Навразова «Нохчийн меттан урокехь терахьдешнаш 1аморан болх жигарбаккхаран кепаш»].

Билгалъяхна ю х1окху кепара упражненеш:

Мел деха хи ду Нил ( Амазонка, Амур, Волга …) ? 1. Нил Африкера хи 6670 км. 2. Амазонка Америкера хи 6300 км. 3. Миссисипи Америкера хи 6020 км. 4. Обь Сибар хи 5410 км. 5. Амур Дехьа – Азера хи 4420 км. 6. Лена Сибар хи 4400 км. 7. Енисей Сибар хи 4090 км. 8. Волга Европера хи 35 30 км. 9. Днепр Европера хи 2200 км.

Терахьдош хьехарехь кхочушъян мегар ду х1окху кепара упражненеш:

  1. Мел адам ду Нохчийчохь? ( 1 млн. 200 эзар)
  2. Мел дукха бу дуьненахь нохчий? (1 млн. 500 эзар)
  3. Мел адам ду Соьлжа – г1алахь дехаш? ( 300 эзар)
  4. Мел адам ду Хьалха – Мартант1ехь дехаш? ( 50эзар)
  5. Мел нах бу Гуьмсехь бехаш? ( 45 эзар)
  1. Дуьненахь уггаре а лекха лам муьлхарниг бу? Эверест – лам я Джомолунгма 8848 м ( Непал)
  2. Къилба Америкехь уггаре а лекха лам муьлхарниг бу?

Анкуома 7010 м

  1. Къилбаседа Америкехь уггаре а лекха лам муьлхарниг бу?

Мак – Кинли – лам 6193 м

  1. Африкехь уггаре а лекха лам муьлхарниг бу?

Килиманджаро – лам 5895 м

Терахьдешнаш 1амош долу шардарш:

Шардар № 1. Х1окху декъаран терахьдешнашца дийнатийн ц1ерш ялае: шишша, диъ- диъ, цхьацца, кхоккха, пхиппа, ший – шийтта, ткъе итт- итт, ткъоьсс-ткъоьссана, шов – шовзткъа, б1е – б1е.

Жоп:

  • Цхьацца ка
  • шишша бож
  • биъ – биъ уьстаг1
  • пхиппа гомаш
  • шийтта- шийтта эмкал
  • ткъе итт – итт жий
  • ткъоьсс – ткъоьссана газа
  • шов – шовзткъа буьхьиг
  • б1е – б1е етт
  • кхоккха бежин [Джамалханов З. Д., Чинхоева Т.Н., 2002 г.]

Шардар № 2. Х1окху терахьдешнашца олхазарийн ц1ерш ялае: цхьаъ, шиъ, диъ, пхиъ, кхоъ, кхойтта, ткъе шиъ, шовзткъе итт, б1е, эзар.

Жоп:

  • Цхьа зарзар (соловей)
  • ши алхаз (тетерев)
  • йиъ х1уттут (удод)
  • кхо маккхал (коршун)
  • пхи бух1а (сова)
  • кхойтта аьрзо (орел)
  • ткъе ши куьйра (ястреб)
  • шовзткъе итт ч1ег1а (сорока)

Шардар № 3. Олхазарийн ц1ершца билгалза – масаллин терахьдешнаш даладе. Масала: ши – кхо кхокха, пхи –ялх леча.

Жоп:

  • цхьа – ши кхимар (пеликан)
  • кхо – йиъ г1аз (гусь)
  • ялх – ворх1 т1аус (павлин)
  • исс – итт ч1ег1ардиг (ласточка)
  • ворх1 – барх1 лайлат (аист)
  • цхьайтта – шийтта туоти (попугай)
  • ткъа – ткъе итт бад (утка)
  • итт – пхийтта г1арг1ули (журавль)
  • ши – кхо коскалг (цапля)
  • пхи – ялх хенк1ур (дятел)

Шардар № 4. Х1окху диттийн ц1ершца даладе рог1аллин терхьдешнаш: аккази, бага, дак, дакх, поп, муьрг, наж, хьиех, датта, пха, база.

Жоп:

  • пхоьалг1а аккази (акация)
  • шолг1а бага (сосна)
  • ворх1алг1а дак (ива)
  • уьссалг1а дакх (береза)
  • уьтталг1а поп (бук)
  • йоьалг1а муьрг (калина)
  • ткъе уьтталг1а наж (дуб)
  • хьалхара хьиех (липа)
  • б1олг1а датта (рябина)
  • кхоалг1а пха (граб)
  • вуьрх1итталг1а база (ель) [Янгульбаев В. А. Махмаев Ж. М. 2013].

Шардар № 5. Х1окху эцаран терахьдешнашца ялае диттийн ц1ерш: цкъа, кхузза, шозза, ткъозза, пхоьазза, б1озза, эзарза, ворх1аза.

Жоп:

  • цкъа кхор кхалла
  • кхузза 1аж баккха
  • шозза туьркаш эца
  • ткъозза сурт дилла
  • пхоьазза туьйра дийца
  • б1озза хьехаме ладог1а
  • эзарза тарсал лаца
  • ворх1аза 1ежаш эца

Шардар № 6. Х1окху эцаран – рог1аллин терахьдешнашца даладе хандешнийн цхьанакхетарш: кхозлаг1а, шозлаг1а, ворх1азлаг1а, б1озлаг1а, ткъозлаг1а, пхоьазлаг1а, уьссазлаг1а, ткъе шозлаг1а, уьттазлаг1а, эзарзлаг1а, борх1азлаг1а, ткъе уьттазлаг1а.

Жоп:

  • кхозлаг1а элира
  • шозлаг1а ведира
  • ворх1азлаг1а хьажа
  • б1озлаг1а хаьттира
  • ткъозлаг1а вистхилира
  • пхоьазлаг1а кхосса
  • уьссазлаг1а тоха
  • ткъе шозлаг1а дийцира
  • уьттазлаг1а вада
  • эзарзлаг1а велхира
  • борх1азлаг1а лекхира
  • ткъе уьттазлаг1а хатта

Шардар № 7. Рог1аллин терахьдешнаш эцаран – рог1аллин терахьдешнех къасто 1амош, уьш дуьхь – дуьхьал х1иттош масалш дало мегар ду: шолг1а – шозлаг1а, кхоалг1а – кхозлаг1а, доьалг1а – доьазлаг1а, пхоьалг1а – пхоьазлаг1а, ткъолг1а – ткъозлаг1а, уьтталг1а – уьттазлаг1а, б1олг1а – б1озлаг1а, эзарлаг1а – эзарзлаг1а, шовзткъалг1а – шовзткъазлаг1а, уьссалг1а – уьссазлаг1а, йолхалг1а – йолхазлаг1а.

Жоп:

  • шолг1а сери – шозлаг1а хьажа
  • кхоалг1а кор – кхозлаг1а кор дохо
  • доьалг1а де – доьазлаг1а новкъавала
  • пхоьалг1а халхарча – пхоьазлаг1а хелхавала
  • ткъолг1а вадар – ткъозлаг1а хьалхавала
  • уьтталг1а марха – уьттазлаг1а кхаба
  • б1олг1а урок - б1озлаг1а урок хьеха
  • эзарлаг1а кица - эзарзлаг1а кица дало
  • шовзткъалг1а – шовзткъазлаг1а дешна даккха
  • уьссалг1а – уьссазлаг1а ган
  • йолхалг1а – йолхазлаг1а хатта

Шардар № 8. Х1окху рог1аллин терахьдешнашца олхазарийн ц1ерш ялае.

Жоп:

  • хьалхара ч1ег1ардиг (ласточка)
  • кхоалг1а з1оьма (гриф)
  • йоьалг1а х1уттут (удод)
  • ткъоьссалг1а бупплалг (зяблик)
  • эзарлаг1а лекъ (перепелка)
  • ткъе уьтталг1а ч1об (выпь)
  • уьссалг1а куьйра (ястреб)
  • йолхалг1а ч1евна (щегол)

Шардар № 9. Йозанца жоьпаш ло лахахь далийначу хаттаршна. Терахьдешнийн тайпанаш а, дожарш а къастаде. Дийца уьш нийсаяздарх лаций.

– Муьлхачу меттехь вехаш ву хьо? – Маца йиллина и юрт, г1ала? – Хьан маса шо ду? – Маца вина хьан да? – Маса шо ду хьан ненан? – Доьзалехь маса ву шу? – Хьо мосалг1а ву (ю) доьзалехь? – Школе деша муьлхачу шарахь вахана хьо? – Х1инца мосалг1ачу классехь ву хьо? – Маса дешархо ву шун классехь? – Гергарчу хьесапехь маса дешархо ву шун школехь? – Школа муьлхачу шарахь чекхйоккхур ю ахь? – Дешна ваьлча, х1ун дан лаам бу хьан? (Эдилов С.Э.)

19.03.2021 00:56