Просмотр содержимого документа
«Урок 43 "1аьнан оьг1азло"»
Чеченская литература
Тема: туьйра «1аьнан оьг1азло»
1алашо: туьйра «1аьнан оьг1азло»довзийтар, яздархочун дог-ойла а гойтуш; берашна туьйрана коьрта маь1на, хьекъал довза 1амор, 1аьнан буьрса суьрташ довзийтар.1аламе безам кхоллар
Билгалбаьхна кхиамаш:
Бераша шайн белхан план х1отто хаьар ду; берашна 1емар ду шайна хетарг ала, вовшех дагабовла; берашна хаьар ду кхеташ ч1ога , хезаш еша,; берашна хаьар ду 1аьнан суьрташ дахка шайн дешнашца, берашна хуур ду къастош еша, хьехархочун т1едилларца оьшу к1айдарг каро и д1аеша.
Урок д1аяхьар.
1.Ц1ера болх таллар
Аг1о 74-75 схьайийца.
2.1алашо йовзийтар.
-Муьлха произведени йоьшур ю вай Тахана?Х1ун болх бийр бу вай иза толлуш?
-Суна евзарю..
Суна 1емар ду..
Суна хуур ду..
-Вай тахана д1адоьшур ду халкъан туьйра «1аьнан оьг1азло».Шуна хуур ду 1а оьг1азе хилар х1ун ду.
3.Мотт шарбарехь болх бар.
Бекъа-ц1ок
Ц1ок-ц1ок, ц1ок-ц1ок!
Бекъа ю со, къорза ц1ок.
Когийн бергашас туху,
Лаахь, хьо а хохкур ву.
Хьажал, со мел хаза ю:
Мел тамехь ду ц1ога, кхес,
Ц1ок-ц1ок,ц1ок-ц1ок
Йодур ю со хилла ткъес!
-Меллаша д1аеша байт, чехка д1аеша.
4.Керла тема хьехар.
а)Хьехархочо д1адоьшу туьйра «1аьнан оьг1азло»
аь) Чулацамах къамел дар.
-Х1ун дагадеара 1аьнна?
-Стенга дахара олхазарш?
-Муьлха олхазарш ду уьш? Шайн стоьла т1ера олхазаршна юкъара схьахаржа д1адаханарш.
-Муха к1елхьардовлу акхарой 1аьнах?
-Ч1ерашна х1ун дира 1аьно?
-Уьш стенга дахара?
-Адамашна х1ун дира 1аьно?Х1унда бийлира уьш 1аьнах?
-1ай бераша х1ун до?Х1унда кхойкху цара шелоне?
-Шу кхоьрий 1аьнах?
5.Сада1аран миноташ
6.Керла тема кхин д1а а хьехар
а)Бераша д1адоьшу туьйра.
аь)Къастош ешар.
-х1ун дира олхазаршна 1аьно? Д1аеша к1айдарг.
-Карае акхаройх лаьцна йолу к1айдарг.д1аеша.
-Х1ун дира 1аьно ч1ерашна .Д1аеша и к1айдарг.
-Х1ун дира адамаша .Д1аеша и меттиг.
7 7.Рефлекси.
Х1ун дан ницкъ кхечи шун?Х1ун диси ца далуш?
Суна евзи…
Суна 1еми..
Аса д1айиши..
8.Жам1 дар.
-Муьлха туьйра дийши вай?
-Стенах лаьцна да ра иза?
9.Ц1ахь бен болх .
Аг1о-76 еша