Урокан ц1е: «Къасторан хьаьркаш».
1алашо: берийн ъасторан хьаьркех лаьцна болу хаамаш шорбар. Къасточу хьаьркийн меттиг йозанехь бовза хаар.
Кхочушдан лерина жам1аш:
1.Предметни: берашна 1емар ду къасторан хьаьркийн меттиг даше бовза . уьш язъян. Берашна хуур ду масса язйо къасторан ч1ог1а хьаьрк дашехь,к1еда хьаьрк.
2. Метапредметни:
Регулятивни: берашна 1емар ду шайн болх кхиамаш хирболчу кепара д1абахьа. Берашна хуур ду цхьаъ ша , тобанакахь а , шайн говзаллашка хьаьвсина болх д1абахьа. Берашна хуур ду шайн кхиамин бахьнаш довза , царех пайдаэца.1емар ду шайна оьшу г1ирс , книги т1ехь каро
Коммуникативни: берашна хуур ду шайна т1едиллинарг кхиам болуш кхочуш дан, 1емар ду шеен балхах лаьцна вистхила , кхиниг кхето. Берашна хуур ду шайна оьшучохь вовшех дагабовла, оьшург хатта.
Познавательни: берашна хуур ду къасторан хьаьркаша гойтуш мукъаза а , мукъа а аьзнаш уьйш ца хилар.Берашна хуур ду къасторан хьаьркаш мукъаза элпашна т1ехьа , е-ний, я-ний, юь-ний,яь-ний хьалха язъеш хилар, амма к-на т1ехьа къасторан к1еда хьаьрк язъеш хилар.
3. Личностни: берашна евзар ю нохчийн метан хазалла , лаам хир бу и дика 1амо.
Урок д1аяхьар.
1.Маршалла хаттар.
-Бераш , де дика хуьлда шун!
-Диканца дукха ехийла !
2. Ц1ера болх таллар.
Шардар №72, аг1о 39.
-Муьлха дешнаш билгалдаьхна аша? Муьлхачу дешнех олу чолхе дешнаш?
3. 1алашо йовзийтар.
Х1етал-метал хаьийла шуна:
Д1ахаалаш иза хьаьркаш
Уьш массарна евзаш ю.
Цара коьрта г1уллакх до,
Мукъаза а мукъа аьзнаш
Вовшех уьш ца эдалийта,
Церан маь1на ца талхийта,
Говза г1уллакх лелош ю,
Церан меттиг билгал ю.
Муькъазчарна уьш г1иллакхе ю
Т1ехьа х1уьтту уьш мукъазчарна.
Мукъачара г1иллакх лоруш,
Шайна хьалха уьзуш тотту:
Я-ний,яь-ний хьалха лаьтта,
Е а царах ду шуна,
Ю, Юь а аш ма дицде,
Дерриг дагахь латтаде.
Девзий шун дешнаш:
Малъелла я шелъелла,
Хьагъелла я мацъелла
Къасторан ч1ог1а хьаьрк
Лоручух уьш ду шуна.
З1окьеттарг я шокьеттарг
Цаьрца бертахь –к1еда хьарк.
Кхетий , хаьий шуна, бераш
Аш уьш шайна йиц ма елаш.
-Стенах лаьцна ю байт? (Къасторан хьаьркех).
-Муьлха къасторан хьаьркаш евза шуна? (ь,ъ).
-Х1ун боху байн т1ехь къасторан хьаркех лаьцна? (Мукъазчарна т1ехьа , мкъачарна хьалха я-ний.яь-ний, ю-ний, юь-ний ,е-ний хьалхахь язйо).
-Муьлхачу элпашна т1ехьа язйо къасторан к1еда хьаьрк? (К-на).
-Х1ун 1амор ду вай тахана?
-Бераш, вай тахана 1амор ду къасторан хьаьркаш дешнашкахь нийса язъян.
3. Керла тема хьехар.
Уьн т1е д1аяздо
Раз…яьлла, шек…яьлла, цец…яьлла, ирх…яхана, маж…елла, нис…елла, з1ок…етта, шок…етта, чекх…яьлла ,шек..яьлла.
-Д1адеша дешанаш. Оьшу элпаш яздеш д1аязде шайн тептарш т1е.
-Муьлха элпаш язди аша дешнашкахь? (ь,ъ).
-Маца яздо дашехь къасторан ч1ог1а хьаьрк? К1еда хьаьрк?
-Муьлхачу элпашна хьалха язйо къасторан хьаьркаш?
-Д1аеша 40-г1а аг1он т1ера бакъо. Х1ун хаьа шуна къасторан хьаьркех лаьцна?
Шардар № 74 , аг1о 39.
5. Сада1аран миноташ.
П1елгаш
Оха язди, дукха язди,
Йозано тхан п1елгаш к1адди.
П1елгаш, 1адда ма 1елаш,
Хьалхий-т1аьхьий идалаш.
Кхийса-кхийса-кхийсалуш,
Ида, ида, к1ад ца луш.
Мохо бецаш лестайо,
Д1а а,схьа а техкайо.
П1елгаш, мохах шу ма кхера,
Ловза лелхаш, шайн сакъера.
6. 1амийнарг т1еч1аг1дар.
Уьн т1е д1аяздо.
Йицъелла , цецъяьлла , ц1анъелла,шекьяьлла, аг1оръяьлла, сихъелла,з1ок1еттарг, шокьеттарг, лахъелла
-Д1аязде дешнаш тобанашка а доькъуш. Муьлха дешнаш далийна аша хьалхарчу тобане? Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане?
Муьлха дешнаш далийна аша шолг1ачу тобане? Муьлхачу билгалонашца далийна аша уьш цхьана тобане?
(Берашка карточкаш ло).
| Чакхъяккха предложении. Дешнашкахь:з1окьеттарг, шокьеттарг, шекьюьйлу язйо къасторан …,х1унда аьлча оцу дешнашкахь къасторан…хьаьрк язйича церан ……………………………………… |
7. Жам1 дар.
-Мича меттехь язйо къасторан хьаьркаш?
8. Рефлекси.
-Х1ун кхиамаш бехи аша?
9. Ц1ахь бан болх таллар.
Шардар № 75 , бакъо 40 аг1он т1ера.